С Днем чечечнского языка!
Ассаламу 1алайкум!
Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Ахьмад-Хьажин Рамзан, хьоме махкахой
оха даггара декъал до шу Нохчийн меттан денца!
Ненан мотт — нохчийн халкъан культурин а, историн а хазна ю, вайн дахаран дакъа а, вайн башхалла а, кхетаман а, леларан а амал ду.
Нохчийн мотт Ӏалашбарна а, кхиорна а, марзбарна а боккха тидам тӀебохуьйтуьра вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьажаьс (Дала гӀазот къобал дойла цуьнан!). Нохчийн Республикин Конституцехь нохчийн маттана пачхьалкхан статус йелла оьрсий маттана санна.
Тахана Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьажин Рамзан бахьана долуш, дерриге а хьелаш кхоьллина нохчийн мотт Ӏалашбарна а, кхиорна а. Баккхийчу барамашкахь дӀахьочу дешаран, довзийтаран, культурин программаша а, проекташа а аьтто бо тӀекхуьуш долчу къоначу чкъурехь ненан матте безам а, ларам а кхолла.
Нохчийн халкъан историн а, культурин а бух болу нохчийн мотт Ӏалашбар — Ӏаламат мехала гӀуллакх ду вайн пачхьалкхалла чагӀийарехь, вайн къоман башхалла, дин, синкхетам, гӀиллакх-оьздангалла ларйарехь.
Ненан мотт бу вайн къоман башхалла, дин, синкхетам, гӀиллакх-оьздангалла ларйарехь.
Ненан мотт бу вайн къоман шатайпаналла Россин халкъийн дукхакъамнийн доьзалехь кхечарах тера цахилар гойтуш берг. Вайн декхар ду ненан мотт Ӏалашбар, иза тейогӀучу тӀаьхьенашна дӀакховдор.
Везачу АЛЛАХ1А хьекъал, кхетам лойла вайна! ДАЛА тӀахье беркате йойла вайн!


